День чеченского языка

24.04.2024

Нохчийн меттан де хIора шарахь апрель беттан 25-гIа чу дийнахь даздар хаза гIиллакх хилла схьадогIуш ду. Нохчийн халкъан уггаре а коьртачех хазна ю нохчийн мотт. Вайн къомах дIакъасталур доцу дакъа ду иза, бIешерийн Iадаташ а, гIиллакхаш а, ламасташ а, истори а, культура а санна. Цундела вай декхар ду ненан мотт Iалашбар, кхиор, тIекхуьучу чкъурана цуьнан хазна дIакховдор.